Лаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а. Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».
Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.