1
Доладалар 25:23
Делан Йозанаш
Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».
Comparar
Explorar Доладалар 25:23
2
Доладалар 25:30
Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)
Explorar Доладалар 25:30
3
Доладалар 25:21
Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира.
Explorar Доладалар 25:21
4
Доладалар 25:32-33
«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава. Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава.
Explorar Доладалар 25:32-33
5
Доладалар 25:26
ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.
Explorar Доладалар 25:26
6
Доладалар 25:28
Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара.
Explorar Доладалар 25:28
Início
Bíblia
Planos
Vídeos