Logótipo YouVersion
Ícone de pesquisa

Доладалар 25

25
ИбрахӀим кхалхар
(1 Шерашкахь 1:32, 33)
1ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра. 2Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а. 3Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а. 4Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.
5Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира. 6Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.
7ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира. 8Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза. 9КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза. 10#Доладалар 23:3-16. ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим. 11ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх.
ИсмаьӀалан кӀентий
(1 Шерашкахь 1:28-31)
12Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю. 13Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, 14МишмаӀ, Дума, Маси, 15Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. 16Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш. 17Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира. 18Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.
Якъуб а, Ӏесав а
19ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх. 20Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. 21Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. 22Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла.
23 # Римхошка 9:12. Везачу Эло жоп делира цунна:
«Ши тукхам ду хьан кийрахь,
ши халкъ схьадер ду хьох,
амма и шиъ декъалур ду.
Цхьаъ вукхул онда хир ду,
воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».
24Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира. 25Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). 26ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.
27КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо. 28Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара. 29Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. 30Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)
31Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».
32«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава.
33 # Ӏебархошка 12:16. Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа».
Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава. 34ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.

Atualmente selecionado:

Доладалар 25: CHE

Destaque

Partilhar

Copiar

None

Quer salvar os seus destaques em todos os seus dispositivos? Faça o seu registo ou inicie sessão