Доладалар 30
30
1Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»
2Якъуба элира, Рахьална оьгӀаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»
3ТӀаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дӀавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».
4Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дӀавижира. 5Доьзалхочух а хилла, Якъубана кӀант вира Балхьата. 6«Сан доӀанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кӀант велла». Цо кӀентан цӀе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). 7Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгӀа кӀант вира Якъубана. 8«Дала бахьана а хӀоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кӀентан цӀе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).
9Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта. 10Леин ялхочо Залпаа Якъубана кӀант вира. 11«Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кӀентан цӀе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира. 12Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кӀант а вира. 13Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХӀинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кӀентан цӀе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).
14КӀа хьокхучу хенахь арахула вогӀучу Раабанна дудаъ#30:14 Дудаъ – дийцарехь, цу орамаша зударшна бер хилийта гӀо дора. цӀе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кӀанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».
15«Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хӀинца сан кӀанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?»
Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кӀанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дӀайижа мегар ду хьуна», – аьлла.
16Сарахь Якъуб арара цӀа вогӀуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дӀавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кӀентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дӀавижира. 17ТӀаккха Леин доӀанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгӀа кӀант вира. 18Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду). 19Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгӀа кӀант вира Леас. 20«Дала тамашийна похӀма делла суна, – бохура Леас. – ХӀинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хӀунда аьлча ас ялх кӀант вина цунна». Цо кӀентан цӀе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). 21Цул тӀаьхьа Леас йоӀ йира, цуьнан цӀе цо Дина тиллира.
22Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доӀина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. 23Доьзалхочух а хилла, кӀант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хӀара эхь дӀадаьккхи суна тӀера». 24Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», – бохура цо.
Якъубан даьхни алсамдолу
25Юсуп винчул тӀаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДӀавахийтахь со, сайн махка гӀур вара со. 26Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тӀаккха со дӀагӀур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гӀуллакх дика дина».
27«Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, – жоп делира цунна Лабана. – Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар. 28Алахьа соьга хьайн мах, ас дӀалур бу хьуна».
29Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Ӏалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла. 30Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хӀинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХӀинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цӀийнан гӀуллакх ца дича волий со?»
31«ХӀун ло ас хьуна?» – хаьттира Лабана.
Амма Якъуба элира: «Суна хӀумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидӀа а хьайн уьстагӀий дажадайта. 32Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагӀий схьаэца, ткъа иштта массо а Ӏаьржа Ӏахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу. 33ТӀейогӀучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагӀаш доцу бож хилахь я Ӏаьржа боцу Ӏахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».
34Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».
35Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Ӏаьржа Ӏахарий а дӀа а лачкъийна, шен кӀенташка уьш ларде элира. 36Кхаа дийнахь новкъа дӀа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дӀалаьллира кӀенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира. 37ТӀаккха Якъуба, толлан а, бӀаран а, хьехан а дитташ тӀера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тӀера чкъор дӀадаьккхира. Гаьннаш тӀехь кӀайн махарчий йисира. 38Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара. 39Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагӀаш долу а дохкана лора. 40И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Ӏаьржа а даьхни долчу дӀадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дӀа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба. 41ХӀоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин. 42Ткъа даьхни гӀийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГӀийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.
43ЧӀогӀа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гӀарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.
Atualmente selecionado:
Доладалар 30: CHE
Destaque
Partilhar
Copiar
![None](/_next/image?url=https%3A%2F%2Fimageproxy.youversionapistaging.com%2F58%2Fhttps%3A%2F%2Fweb-assets.youversion.com%2Fapp-icons%2Fpt-PT.png&w=128&q=75)
Quer salvar os seus destaques em todos os seus dispositivos? Faça o seu registo ou inicie sessão
© Институт перевода Библии, 2012