YouVersion logo
Dugme za pretraživanje

Лака 12

12
Шалхаллех ларлолаш
(Маттай 10:26, 27)
1 # Маттай 16:6; Марк 8:15. Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш. 2#Марк 4:22; Лака 8:17. Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 3Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цӀа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тӀера кхайкхор ду».
Хьанах кхера веза
(Маттай 10:28-31)
4«Ас боху шуьга, Сан доттагӀий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегӀ хӀаллакдарал сов цуьнга кхин хӀумма а далур дац. 5Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цӀерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!
6Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла. 7Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»
Адамийн КӀант нахана хьалха къобалвар
(Маттай 10:32, 33; 12:32; 10:19, 20)
8Кхин дӀа а Ӏийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КӀанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву, 9амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Делан маликашна хьалха.
10 # Маттай 12:32; Марк 3:29. Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
11 # Маттай 10:19, 20; Марк 13:11; Лака 21:14, 15. Шаьш гуламан цӀа чу, я хьаькамашна, я Ӏедална тӀе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, 12Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Ӏамор ду шуна».
Сонтачу хьалдолчу стагах хьекъале хӀума
13Нахана юкъара цхьана стага элира Ӏийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» – аьлла.
14«ЛадогӀахьа, Со хьан хӀоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» – хаьттира цуьнга Ӏийсас. 15Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
16ТӀаккха Цо цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. 17„Ас хӀун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“. 18Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дӀа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хӀума а хоьур ю. 19ТӀаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даӀа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. 20Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
21Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».
Делах тешар
(Маттай 6:25-34)
22ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде. 23ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду. 24ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! 25Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? 26Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? 27#Сулим 10:4-7; 2 Шерашкахь 9:3-6. Ойла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 28Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!
29Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде. 30Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 31Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
Стигалахь шун хир долу хьал
(Маттай 6:19-21)
32«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла. 33Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. 34Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».
Сема ялхой
35 # Маттай 25:1-13. «Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, 36#Марк 13:34-36. зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш. 37Декъала бу, хӀусамда цӀа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тӀе а дахьаш, царна гӀуллакх дийр ду. 38Декъала бу, шена гӀуллакх дан кийча а болуш, хӀусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тӀехъяьлча иза цӀа веача а. 39#Маттай 24:43, 44. Амма хаалаш, нагахь санна хӀусамдена къу маца вогӀур ву хууш хиллехь, цо шен цӀа чохь къола дойтур дацара. 40Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
Тешаме а, тешам боцу а ялхо
(Маттай 24:45-51)
41ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла.
42Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. 43Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча. 44Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву. 45Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву. 46Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду.
47Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю, 48ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».
Ӏийса а, декъадалар а
(Маттай 10:34-36)
49КхидӀа а Ӏийсас бохура: «Со дуьнен чу цӀе таса веана, хӀинцале и цӀе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна! 50#Марк 10:38. Амма баланийн хӀордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна! 51Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХӀан-хӀа! – боху Ас шуьга, – Декъадалар дахьаш веана!“ 52ХӀинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву. 53#Мика-ЯхӀу 7:6. Да – кӀантана дуьхьал, кӀант дена дуьхьал, нана йоӀана дуьхьал, йоӀ – нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю».
Заманан билгалонаш къастор
(Маттай 16:2, 3)
54Юха Ӏийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догӀа догӀур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу. 55Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу. 56Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»
Довхочуьнца кхел ян вахар
(Маттай 5:25, 26)
57«Шайна гӀолехь долчун ойла хӀунда ца йо аш? 58Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хӀунда аьлча цо шу кхелахочунна тӀе далор ду, кхелахочо гӀароле дӀалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. 59Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».

Trenutno izabrano:

Лака 12: CHE

Istaknuto

Podijeli

Kopiraj

None

Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi