Лака 11
11
ДоӀа дан Ӏамор
(Маттай 6:9-13; 7:7-11)
1Цкъа Ӏийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доӀа деш вара. Иза доӀа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Ӏамадехьа доӀа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Ӏамадарра».
2Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш доӀа дечу хенахь иштта ала:
„Дада!
Хьан цӀе сийлахь хуьлда!
Хьан Олалла тӀекхочийла!
3ХӀора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.
4Тхан къиношна гечдехьа,
тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.
Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».
5Юха Ӏийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагӀа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагӀа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна, 6со волчу доттагӀа кхаьчна, сан цунна яла хӀумма а яц“. 7ТӀаккха шун доттагӀчо ала мега: „Со Ӏадда вита, сан неӀ дӀакъевлина ю, со а, бераш а дӀадийшина ду. Сан, хьала а гӀаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“. 8Ас боху шуьга, нагахь шун доттагӀалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гӀаьттина, шуна иза лур бу. 9Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, 10хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту. 11Муьлхачу дас лур бу шен кӀантана лаьхьа, цо чӀара боьхуш хилча? 12Муьлхачу дас лур ю шен кӀантана дӀаьвше гезг, цо хӀоа доьхуш хилча? 13Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Маттай 12:22-30; Марк 3:20-27)
14Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера. 15#Маттай 9:34; 10:25. Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».
16 #
Маттай 12:38; 16:1; Марк 8:11. Ткъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. 17Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. 18Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. 19Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! 20Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.
21Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац. 22Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.
23 #
Марк 9:40. Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».
Харцжин юхадар
(Маттай 12:43-45)
24«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. 25Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна. 26ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».
Бакъдолу ирс
27Ӏийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
28Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».
Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Маттай 12:38-42)
29 #
Маттай 16:4; Марк 8:12. Дукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 30#Юнус 3:4. Нунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.
31 #
Сулим 10:1-10; 2 Шерашкахь 9:1-12. Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. 32#Юнус 3:5. Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
ДегӀана – серло
(Маттай 5:15; 6:22, 23)
33 #
Маттай 5:15; Марк 4:21; Лака 8:16. «Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо. 34Хьан бӀаьргаш – хьан дегӀан серло ю. Нагахь хьан бӀаьргашна са дика гахь, хьан дегӀ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бӀаьргаш дика бацахь, дегӀ а боданах дуьзна хир ду. 35Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь. 36Нагахь хьан дегӀ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».
Ӏийсас парушхошна а, Ӏеламчу нахана а дуьхьал къамел до
(Маттай 23:1-36; Марк 12:38-40)
37Ӏийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хӀума яа чукхайкхира. ЦӀа чу а ваьлла, хӀума юучу меттехь агӀорвелира Ӏийса. 38Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча. 39Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тӀехулара кад-Ӏайг дикка цӀандахь а, бухалара бӀаьрмециг а, къиза а ду шу. 40Сонтанаш! ТӀехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а? 41Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.
42 #
Ӏамалъяр 27:30. Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагӀина дӀалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.
43Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. 44Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тӀехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».
45Цхьана Ӏеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла.
46Ӏийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Ӏелам нах! ХӀунда аьлча дӀа ца бахьлун мохь нахана тӀе буьллу аш, ткъа шаьш пӀелга тӀе пӀелг а ца туху гӀодархьама. 47Къа ду шун, хӀунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. 48И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо. 49Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. 50ХӀокху тӀаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Ӏанийна долу массо а пайхамаран цӀий хоттур ду: 51#Доладалар 4:8; 2 Шерашкахь 24:20, 21. Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
52Къа ду шун, Ӏелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цӀийнан догӀа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цӀа чу, я нах а ца бахийтина аш».
53Ӏийса цигара дӀавахча, Ӏелам нах а, парушхой а, оьгӀаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тӀаьхьабевлира Цунна, 54муьлххачу даша тӀехь лаьцна а, Иза лаца гӀерташ.
Trenutno izabrano:
Лака 11: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012