Лака 10
10
Ӏийсас кхузткъе шийтта мурд дӀахьажаво
1Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш. 2#Маттай 9:37, 38. Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий. 3#Маттай 10:16. ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу. 4Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. 5Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“ 6Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу. 7#1 Коринтхошка 9:14; 1 Тимапига 5:18. Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца. 8Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа, 9цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“ 10#Векалийн 13:51. Шаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала: 11#Маттай 10:7-14; Марк 6:8-11; Лака 9:3-5. „Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ 12#Доладалар 19:24-28; Маттай 11:24; Маттай 10:15. Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Маттай 11:20-24)
13 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:26; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Закри-ЯхӀу 9:2-4. «Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 14Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. 15#ЕшаӀ-ЯхӀу 14:13-15. Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала,
хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?
Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».
16 #
Маттай 10:40; Марк 9:37; Лака 9:48; Яхьъя 13:20. ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».
Кхузткъе шийтта мурд юхаверзар
17Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».
18Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. 19#Забур 90:13. Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац. 20Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».
Ӏийсан воккхавер
(Маттай 11:25-27; 13:16, 17)
21Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!
22 #
Яхьъя 3:35;
Яхьъя 10:15. Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».
23Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна. 24Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
Къинхетам болу шамранхо
25 #
Маттай 22:35-40; Марк 12:28-34. Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»
26«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»
27 #
Карлабаьккхинарг 6:5;
Ӏамалъяр 19:18. Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».
28 #
Ӏамалъяр 18:5. «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Ӏийсас, – иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».
29Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»
30Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш. 31ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза. 32Изза дина цхьана левихочо#10:32 Левихой – – уьш Исраилан халкъан цхьа тайпа ду. Царна бен пурба ца делла Делан цӀа долчохь динан гӀуллакхаш дан., цу стагана тӀе а вахана, цуьнга дӀа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дӀавахана иза. 33#2 Шерашкахь 28:15. Юха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна. 34Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо. 35ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.
36Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»
37Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх».
Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».
Марта а, Марем а йолчохь хьошалгӀахь
38 #
Яхьъя 11:1. Шайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш. 39Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара. 40Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», – аьлла.
41«Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю, 42ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».
Trenutno izabrano:
Лака 10: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012