Лака 9
9
Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор
(Маттай 10:5-15; Марк 6:7-13)
1Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. 2Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а. 3«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга. 4«Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц. 5#Лака 10:4-11. Нагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
6Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
ХӀародан воьхна хьийзар
(Маттай 14:1-12; Марк 6:14-29)
7 #
Маттай 16:14; Марк 8:28; Лака 9:19. Ӏийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, 8вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. 9ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
Пхи эзар стаг вузор
(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Яхьъя 6:1-14)
10Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса. 11Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.
12Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла.
13ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».
Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» – аьлла. 14Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара.
Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла.
15Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. 16Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 17Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Маттай 16:13-19; Марк 8:27-29)
18Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла.
19 #
Маттай 14:1, 2; Марк 6:14, 15; Лака 9:7, 8. Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».
20 #
Яхьъя 6:68, 69. «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас.
Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:20-28; Марк 8:30–9:1)
21Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна. 22Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
23 #
Маттай 10:38; Лака 14:27. ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь#9:23 Баланийн мохь – грекийн маттахь, цхьабакъду, яздина ду: жӀаран бӀогӀам. тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза. 24#Маттай 10:39; Лака 17:33; Яхьъя 12:25. ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду. 25ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича? 26Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. 27Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
Ӏийса хийцавалар
(Маттай 17:1-8; Марк 9:2-8)
28Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира. 29ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш. 30-31Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна. 32Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. 33И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.
34Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча. 35#2 Кипин 1:17, 18. Мархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»
36Аз дӀатийча, царна Ӏийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Маттай 17:14-18; Марк 9:14-27)
37ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба. 38Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац! 39Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин. 40Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира».
41Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!»
42КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира. 43Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара.
Ӏийсас юха а шен вала везарх лаьцна дуьйцу
(Маттай 17:22, 23; Марк 9:30-32)
Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира: 44«Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву». 45Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьӀна Дала царах лачкъийна дара. Ӏийсага, и хӀун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Маттай 18:1-5; Марк 9:33-37)
46 #
Лака 22:24. Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла. 47Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна, 48#Маттай 10:40; Лака 10:16; Яхьъя 13:20. элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».
Шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву
(Марк 9:38-40)
49ТӀаккха Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
50Ӏийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХӀунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»
Ӏийса а, Шамран-махкара юрт а
51Ша стигала хьалаоьцу волу хан тӀекхача йоьлча, Ӏийсас сацам бира Ярушалайме ваха. 52Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама. 53Амма оцу юьртарчу наха Ӏийса тӀе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла#9:53 Ярушалайм-гӀала жуьгтийн коьрта гӀала яра, ткъа шамранхошна а, жуьгташна а вовшийн ца безара.. 54#Сулим 1:9-16. И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».
55Амма Ӏийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар. 56ТӀаккха Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.
Ӏийсана тӀаьхьахӀотта ца лиънарш
(Маттай 8:19-22)
57Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
58«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас.
59Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» – аьлла.
Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
60«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Ӏийсас.
61 #
Сулим 19:20. Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», – аьлла.
62Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.
Trenutno izabrano:
Лака 9: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012