Лака 8
8
Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина богӀу зударий
1Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, 2#Маттай 27:55, 56; Марк 15:40, 41; Лака 23:49. кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхӀ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, 3ХӀародан цӀен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тӀера дакъа луш гӀо дора Ӏийсана.
Ахархочух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:1-9; Марк 4:1-9)
4Ӏийса волчу дукха нах тӀеоьхура маьӀ-маьӀӀера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра:
5«Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 6Кхидолу буьртигаш тӀулгаш долчу лаьтта тӀе ийгира. Церан зӀийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. 8Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дӀадийначул бӀозза сов ялта делира цара».
И дийцар чекх а даьккхина, Ӏийсас чӀоггӀа элира: «Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
Дустаран маьӀна довзийтар
(Маттай 13:10-17; Марк 4:10-12)
9Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хӀун маьӀна долуш ду и дийцар аьлла. 10#ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9 (Грекийн). Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. 11ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. 12Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама. 13Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. 14Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу. 15Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».
Кхабина буха хӀоттийна стогар
(Марк 4:21-25)
16 #
Маттай 5:15; Лака 11:33. «Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо.
17 #
Маттай 10:26; Лака 12:2. ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.
18 #
Маттай 25:29; Лака 19:26. Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».
Ӏийсан нана а, вежарий а
(Маттай 12:46-50; Марк 3:31-35)
19Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш. 20Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш».
21Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу».
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Маттай 8:23-27; Марк 4:35-41)
22Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара. 23Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. 24Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!»
Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира. 25ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?»
Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга».
Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар
(Маттай 8:28-34; Марк 5:1-20)
26Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира. 27Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара. 28-29Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза.
30Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?»
Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. 31Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла. 32Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. 33Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий.
34Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а. 35Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира. 36Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. 37Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира. 38Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла.
Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза: 39«ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла.
Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира.
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда тояр а
(Маттай 9:18-26; Марк 5:21-43)
40Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. 41Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла. 42ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш.
Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. 43Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш. 44ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира. 45«Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас.
Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
46Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ». 47Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а. 48ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».
49Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу».
50Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю».
51Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен. 52Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Ӏийсас, – иза ца елла, иза йижина ю».
53Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла. 54Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!» 55ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира. 56Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.
Trenutno izabrano:
Лака 8: CHE
Istaknuto
Podijeli
Kopiraj
Želiš li da tvoje istaknuto bude sačuvano na svim tvojim uređajima? Kreiraj nalog ili se prijavi
© Институт перевода Библии, 2012