Доладалар 11
11
Бавелан бӀов хӀоттор
1Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара. 2Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.
3«Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан. 4Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».
5Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла. 6Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна:
«И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан. 7Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».
8ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш. 9Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.
Шимина тӀера Ибрам тӀе кхаччалц йолу тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:24-27)
10ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг.
Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира. 11Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
12Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. 13Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
14Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар. 15Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.
16Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча. 17ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
18ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. 19Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
20Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча. 21СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
22Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир. 23Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.
24Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира. 25ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.
26ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.
ТӀахьиран тӀаьхьенах лаьцна
27ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг.
ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира. 28ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш. 29Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра. 30Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.
31ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.
32ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.
ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:
Доладалар 11: CHE
హైలైట్
షేర్ చేయి
కాపీ
మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి
© Институт перевода Библии, 2012