Доладалар 19
19
Седам-гӀала а, Гомар-гӀала а йохор
1Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. 2«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас.
«ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.
3Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира. 4Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира. 5#Куьйгалхой 19:22-24. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»
6ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира. 7Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! 8Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».
9Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь. 10ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира. 11#Дауд 6:18. ТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.
12Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий – милла велахь а кху гӀалара араваккха. 13Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян». 14Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.
15ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».
16 #
2 Кипин 2:7. Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира. 17Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»
18Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар. 19Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со. 20Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».
21Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала, 22амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).
23Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш. 24#Маттай 10:15; 11:23, 24; Лака 10:12; 17:29; 2 Кипин 2:6. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна. 25Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а. 26#Лака 17:32. ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.
27Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим. 28Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира. 29Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.
ЛутӀа а, цуьнан йоӀарий а
30ЛутӀа ца ваьхьара ЦӀоӀар-гӀалахь Ӏан, цундела шен шина йоӀаца лаьмнашка дӀавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Ӏаш бара. 31Цкъа йоккхаха йолчу йоӀа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тӀехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац. 32ЧагӀар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дӀайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хӀу Ӏалашдийр ду вай».
33Цу буссехь дена чагӀар малийра шина йоӀа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дӀайижира. ЛутӀина ца хиира, иза шеца дӀайижча а, хьалагӀаьттича а. 34ШолгӀачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагӀар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дӀа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хӀу Ӏалашдийр ду вай».
35Цу буса а дена чагӀар малийра шина йоӀа. Жимаха ерг дӀайижира метта шен деца. Юха а ЛутӀина ца хиира, иза дӀайижча а, хьалагӀаьттича а. 36ЛутӀин ший а йоӀ цунах берах хилира. 37Йоккхаха йолчу йоӀа кӀант вира, цуьнан цӀе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу муабахой. 38Жимаха йолчу йоӀа а кӀант вира. Цо цуьнан цӀе Бен-Ӏамми тиллира (иза «сан гергарчун кӀант» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу Ӏамминхой.
ప్రస్తుతం ఎంపిక చేయబడింది:
Доладалар 19: CHE
హైలైట్
షేర్ చేయి
కాపీ
మీ పరికరాలన్నింటి వ్యాప్తంగా మీ హైలైట్స్ సేవ్ చేయబడాలనుకుంటున్నారా? సైన్ అప్ చేయండి లేదా సైన్ ఇన్ చేయండి
© Институт перевода Библии, 2012