1
Доладалар 21:1
Делан Йозанаш
Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина.
సరిపోల్చండి
Explore Доладалар 21:1
2
Доладалар 21:17-18
Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш. Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
Explore Доладалар 21:17-18
3
Доладалар 21:2
ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира.
Explore Доладалар 21:2
4
Доладалар 21:6
Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву».
Explore Доладалар 21:6
5
Доладалар 21:12
Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю
Explore Доладалар 21:12
6
Доладалар 21:13
амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».
Explore Доладалар 21:13
హోమ్
బైబిల్
ప్రణాళికలు
వీడియోలు